ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла Iедалан гIанда хIоттийна Дагестанехь


Дагестанан парламенто Еарин дийнахь цхьана ханна Iедалан гIаьртден даржехь чIагIвина финансийн министр хилла волу Гамидов Iабдусалам. Цуьнан кандидатура цу дарже хьалхатеттинарг вара Дагестанан куьйгалхочуьнан декхарш кхочуш деш волу Абдулатипов Рамазан.

Гамидовн кандидатура тIечIагIйина депутаташ, дуьхьала кхаж тесна стаг а воцуш. Белхан эвсаралла яц аьлла Абдулатиповс дIасахецнера министрийн кабинет кху беттан 22-чу дийнахь. Цхьана ханна Iедалан гIантда хIоттийнера цо хьалхара вице-премьер Карибов Анатолий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG