ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Испанехь цIерпошт харцарна бехве вина машенхо


Испанехь полицино официалан кепара лаьцна Кхаарин дийнахь хаьрцинчу цIерпоштанна урахалла деш хилла машенхо. И бохам бахьана долуш вийна 78 стаг. 160 сов стаг лазийна ву. Полицино лаьцна волу 52 шо долу Хосе Гарсон Франциско лазийна ву.

Иза дарбан цIийнехь ларвеш ву полицин белхахоша. Цкъачунна болчу хаамашца, билггала цуьнан бехк бу цIерпошт харцарна. Хьалха дийцина ма хиллара, маса цIерпошт некъахяьлла Сантьяго-де-Компостела олучу гIаларчу станцина 4 километр генахь.

И бохам хуьлуш цуьнан чехкалла шозза алсам хилла хилаезачулла а. Еарин дийнахь Испанин премьер-министр Рахой Мариано а, цу мехкан паччахь Карлос Хуан а, цуьнан хIусамнана София ахилира цIерпошт хаьрчинчу меттехь. Испанехь тезет кхайкхийна кхаа делла лерина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG