ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оппозицин декъашхой лецна Киевехь


Украинин коьртачу гIалахь Киевехь, бакъо а йоцуш, дуьхьалонан акци дIаяхьна аьлла Iедалша лаьцна 10 стаг. Цу гIалахь кху деношкахь мороприятиш ю дIахьош Русь олучу пачхьалкхехь керстан дин тIеэцна 1025 шо кхачарна хьажийна йолу. И бахьана долуш, дихкина ду гIалин юккъехь дуккха а адамаша дакъалоцу акциш дIаяхьар.

«Интерфаксо» дийцарехь, лаьцначарна юкъахь бу цIехо-можа революцехь дакъалаьцначу нехан коалицин декъашхой. Шоьтан дийнахь Киевехь Украинин «Маршо» олучу аьттоагIор йолчу партин декаъашхоша акци дIаяьхьира, цу дарздаршка Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, Москохан а, ерриг а Оьрсийчоьнан патриарх Кирилл а варна дуьхьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG