ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн Iедалш ду оьрсашна тIехь геноцид йинарш, йийриш...


Казахстан - "Мамочикн кешнаш" цIе йолчу кешнашкахь дIабоьхкина бу Карлаг-набахтехь латтийна наной а, церан бераш а. 1930-40 шерашна юкъахь белла тутмакхаш бу уьш. Гулаг, Караганда, Долинка, 31Сти2013
Казахстан - "Мамочикн кешнаш" цIе йолчу кешнашкахь дIабоьхкина бу Карлаг-набахтехь латтийна наной а, церан бераш а. 1930-40 шерашна юкъахь белла тутмакхаш бу уьш. Гулаг, Караганда, Долинка, 31Сти2013

Нохчийчохь оьрсашна тIехь геноцид йина хиллера аьлла, цунна гонаха гIовгIа а яьккхина, юха а ша вийцийта лууш ву оьрсийн пачхьалкхан ДУМин депутат Алкснис Виктор. Цунна а, и санначу, кхечу политикашнаа хаьа, Кремло гуш-къайлаха гIотор еш йолу шовинизм чIогIа йолчу Оьрсийчура бахархоша шайх кхаьжнаш тосур буйла. Амма боккъалла а хьан, хьанна тIехь йина геноцид?

Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло беш хьулам а боцуш,хаддаза Iорадохуш лаьттачех ду наркотикаш йохкарца а,эцарца а,кечьярца а доьзна зуламаш.Цуьнан хьостано ,юккъерчу барамехь.мел лахара а кIирнах доьазза-пхиазза хааме дохуш лаьтташ ду наркотикашца доьзна дай а.ницкъала а тайп-тайпана зуламаш.Масала полисхойн урхалло кху товбецан беттан деккъа цхьана 3I-чу дийнахь Iорадаьхна ду хIара низамаш талхор.

Соьлжа-гIалин кIоштан Чечанахь шеца кIомал а йолуш вилспетахь воьду 32 шо долу вахархо лаьцна низамхоша.Цуьнгара Iаьржачу чIурам тIоьрмиг чохь хьуш схьаяьккхина 800 гарам кIомал. Мелла ханна воккха, 55 ваьлла вахархо сацийна ТIехьа –Мартанан кIоштахь а.Цуьнан киснара,дукха лерина дIа а хьарчийна дIаIалашйинчуьра схьаяьккхина итт-шийтта гарам марихуана.

Де хьалха Новр-кIоштехь шина машенна зераш а дина схьаяьккхина 200 гарам гергга кIомал,еа кехат ботт чохь къайле а йина дIахьуш. Ишта леррина хи а дуьллуш бешахь кхиош кIомал гучуяьлла Гуьмс кIоштехь а. Цу кепара и дIаьвше сийналла яьккхина масалш ду Старопромысал кIоштехь а,кхечу меттигашкахь а.

Массо тайпа наркотикашца доьзна зуламаш,бахархой самоне а боьхуш, официалан гIардохуш лаьтташ ду махкахь. Цу декъехь кхайкха а беш массо тIегIанахь дIахьуш болх бу наркотикаш къахъеш,хIоразза а цунах пайдаэцаро Iожалла герга ялош хиларх кегийрхой кхиош а.

Говзанчаша-лоьраша а,цу гIуллакхна охIла болчара а даре а деш хIора шарна а махкахь наркотикех пайдаэцар шорлахь бен лахлуш дац.Цара дийцарехь стакана Iайг хиллал хьаам бийриг цхьаъ ду –Оьрсийчоьнан кхечу кIошташкахь цу наркотикех дозаделла гуттар ледара,генадаьлла хьал хилар.

Шовзткъа гергга шарахь бераш а,кхиазхой а кхетош-кхиорехь къахьоьгуш волчу,тахана тIамах девллачу берашна гIоьнна кхоьллинчу центран директор волчу Юсупов Руслана дийцарехь кху деношкахь Волгоградан кIоштера йоккха тоба хилла Нохчийчохь хьошалгIахь. Цуьнан Iалашо хилла наркотикашца кхузахь балло къийсам юххера бовза, зеделларг,санехь дерг хаа.Юсуповс дийцарехь хьеший инзаре цецбевлла хилла цу декъехь Нохчийчохь шайна гинчу суьртах а,кхузарчу гайтамех а. И ву дуьйцуш.

Соьца къамел динчу Юсупов Руслана а тоьшалла а деш берашлахь а,кхиазхошлахь а наркотикех пайдаоьцурш кIезиг белахь а ,ишта ала йиш йолуш дац баккхийчарлахь.Официалан къаро а еш махкахь чот-хьесапе эцна ву кхо эзар гергга наркоман.Хенаш а йиттина чубоьхкина а бу уьш юхкуш а,оьцуш а лецна дуккха а бахархой,шайлахь дукхахберш зударий а болуш. Наркотикех дезар а ,уьш йохкарх болх-некъ а бина лелаш лецна вайнехан зударий кIезиг бац Оьрсийчоьнан набахтешкахь хенаш токхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG