ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Терроран варе дина шайн махкахошка Iамерко, Британино, Германино а


Германино а, Британино а бахарехь, цхьана ханна шайн Йеменера векаллаш дIакъовлуш ю цара, Ал-Кхайдо дан тарлун тIелатарш бахьанехь. Лондоно британхошна варе дина, махках ца довлуш Iе, аьлла.

КIиран а, Оршот а деношкахь цу шина пачхьалкхо шайн векаллаш дIакъовлар цхьаьна нисделла, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа 17 бусулба пачхьалкхера , мел лаххара а шен 21 векалт дIакъовларца.

Вашингтоно шуьйра варе дина шайн арахьа болчу Iамеркахошка, карахь болу Марсхьокху-бутт чекхбаллалц, Ал-Кхайдо дан тарлучу тIелатарх лардаларца доьзна. Юкъараллин транспорт а, туристаш а лелачу меттигех ларбалар дехна Вошингтоно шен махкахошка.

Iамеркан пачхьалкхан Департаменто шен сайта тIе тоьхначу хаамехь дийцарехь, информаци ю террорхой хIокху баттахь тIелатарш дан кечлуш хиларх лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG