ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бомба эккхийтина ХIинжа-гIалахь


ХIинжа-гIалахь ондда эккхийтар дина «24 сахьт» олучу туькан хьалха. И бахьана долуш чевнаш хилла ву ши стаг. Меттигерчу могашаллин министралло «Интерфаксе» бинчу хаамца, лоьрашка гIо дехна 10 стага.

КIирандийнахь ХIинжа-гIалахь тIелатар динера гIалин администрацин юристийн декъан куьйгалхочунна. Цуьнан цIе йоккхуш яц. Меттигерчу полицин векалша бинчу хаамца, иза чов а йина дарбанан хIусаме охьавиллина ву.

Шоьта-дийнахь цигахь вийна Ильясов Ильяс цIе йолу дешна стаг. Иза вер бахьана цо динехь беш болу болх хила мега аьлла хета Iедалшна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG