ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Индин салтий байина Пакистанера эскархоша Кашмирехь


Шина декъе екъна йолчу Кашмир олучу регионехь герзаш а диттина Индин пхи эскархо вийна Пакистанан салташа. Индин Джамму а, Кашмир а олучу штатан администрацин векалша Шинарин дийнахь бинчу хаамца и тIеман инцидент хилла къовсаме территори шина декъе йоькъуш билгалдаьккхинчу дозанна уллехь.

Индин эскаран буьйранчалло дIахьедар дина, хилларг 2003-чу шарахь шина агIоно вовшен герзаш деттар дац аьлла бина болу барт кIошаме бохор ду аьлла. Пакистанан эскаран куьйгалхоша бакъ дац аьлла шаьш герзаш диттина бохург. Хаамийн агенталлаш билгалдоккху и инцидент хилла хилар Пакистано машаран дийцарш юхадIадоладе аьлла Индега кхайкхам бинчул тIаьхьа дукха хан ялале.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG