ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнца шайн йолчу юкъаметтигийн мах хадийна Обамас


Iамеркан а, Оьрсийчоьнан юкъаметтигех лаьцна масийтта хаттарна жоп делла ПIераскана дийнахь шен зорбанан конференцехь Iамеркан президенто Обама Барака. Цо дIахьедар дина, Путин Владимир Кремле юхавирзинчул тIаьхьа «шийла тIом» болуш хиллачу стереотипаш тIе тоьвжина йолу Iамеркана дуьхьал хьажийна йолу риторика алсам яьккхина оьрсаша аьлла.

Iамеркан къайленаш дIайийцарна бехке веш волчу Сноуден Эдвардана Оьрсийчоьно политикан тховкъело ялар цхьа эпизод ю цу шина пачхьалкхан юкъаметтигаш галъевлла хиларан. Президенто Обамас дIахьедар дина, собар а дина, юкъаметтигашна юха мах а хадийна, Цхьаьнатоьхначу Штаташана а, Оьрсийчоьнна а пайдехь болу сацамаш бан беза аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG