ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Осмаев Адамна ницкъ ца бина Iедалхоша"



Украинерчу Одессехь нохчочун Осмаев Адаман дов толлучу кхело хьалхо дехнера прокуратуре цунна меттигерчу кхерамзаллин ницкъаша йиттина хилар таллар. Жоп луш, Осмаевна гΙело йина бохучунна шена тоьшаллаш ца карийна, аьлла, хаам бина прокуратурано. И хаам бина Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир вен кечамаш беш вара аьлла, лаьцна кхобучу Осмаевн адвоката Черток Еленас.

Нохчо бехке вац бохучух тешачу наха интернетехула а, меттигерчу хаамийн гΙирсашкахула а шайн цецбийларш довзуьйту, шо хьалха Осмаев Адам лоцуш, иза цΙийша вуьзина, йиттана, юьхь-марш йохийна хилар дага а лоьцуш. РогΙера ладегΙарш хир ду Одессерчу кхелехь иттех де даьлча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG