ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зуда хьийзийнарг - полисхо



КΙира хьалха Ростов-гΙали юккъехула йоьду 20 шо кхаьчна цхьа йоΙ схьалаьцна, шайн машен чу такхийна, дΙа а йигина, хьийзийна ши стаг лохуш яра меттигера полици. ХΙинца зуламхой схьа а карийна, лецна – царех цхьаъ ву гΙаларчу полицин белхахо. Цунна къера хилла Ростов-мехкан полицин буьйранча Кравченко Юрий. Ша зуда хьийзина белхахо ваьккхина ца Ιаш, цуьнан хьакамаш а дΙабохур бу балхара, бохуш ду шен урхаллин сайта тΙехь мехкан полицин куьйгалхочо дина дΙахьедар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG