ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

500 сов стаг вийна Мисарахь



Мисаран могашаллин министралло бечу хаамца, кхаарий дийнахь Мурси Мохьаммад президентан дарже меттахΙотторе сатуьйсучийн КъахΙирера ши гулам бохош Ιедалан ницкъаша вийна 525 стаг, 3500 стаг лазийна. Байинчаралахь ву 43 полисхо а. Беррига а махкахь яьржина Мурсин агΙончашна дуьхьал оьгΙазло.

Хиллачуьнца доьзна Туркойчоьнан лидера ЭрдогΙан Тайипа кхайкхам бина, сихха Цхьанакхеттачу Къаьмнин организацин Кхерамзаллин Кеташо гулъяла еза, Мисарара хьал дижон, аьлла. Дуьне, Мисарахь оццул Ιенаш цΙий а долуш, бага хи лаьцна Ιар оьзда дац, боху цо. Хууш ма-хиллара, туркоша лечкъа ца до шаьш Мурсин Ιедал эскархоша дохор къобал цадойла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG