ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

36 лаьцна хилла исламист велла Мисарехь


Мел лаххара а 24 мисархойн полисхо велла, царна Синай-гIайренна тIехь йина хиллачу кIелонехь. Къайлахчу ницкъийн векалша бахарехь, оршот дийнахь Газица долчу дозанна уллерчу Рафахьана йистехь герз долчу наха тIелатар динера полисхошна.

Синай ах-гIайренна тIехь жигара бевлла тIемалой. ТIеман ницкъаша Мисаран президент Мурси Мохьаммед Товбецан беттан 3-чу дийнахь шен даржера вохийначул тIаьхьа, коьртачу декъана, мисаран къайлахчу ницкъашна тIелетарш до цара.

И тIелатар хилла, даханчу кIиран дийнахь КъахIирана йистехь шеконечу хьелашкахь 36 чувоьллина латтош волу исламист веллачул тIаьхьа. Мурсина гIортор ечу Бусулба вежарша дIахьедар дина, лецнарш, полисхойн фургонна чохь са а дукъийна, байъина бу, аьлла.

Чоьхьарчу ГIуллакхийн министралло бахарехь, лаьцна буьгучара полисхо закъалтана лаьцча, цу чу бIаьрхи долуьйту газ хецна. Цунах белла бу Бусулба вежарийн декъашхой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG