ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шеман Iедалша Димашкъана йистехь дIаьвше газ лелийнехь, Iамерка "юкъагIуртур ю"


КIайчу ЦIийно бахарехь, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Обама Барак шен къоман кхерамазаллехула болчу хьехамчашца цхьанакхеташ ву, Шемахь яха тарлун гIулчаш йийца. Шемара Iедалша Димашкъана йистехь дIаьвше газан герз лелийна хилар бакъ хилахь, оцу хьоло «Iамеркан тидам тIеозор бу» аьлла Обамас хьастагIа.

Шеман Iедало керстадо ша газан атакина жоьпаллехь хилар.
Оццу хенахь шен хIурдан-ницкъийн кеманаш кечдан йолаелла Iамерка, Шемарчу хьолана юкъагIорта хьашт хилахь а, аьлла. Оцу хьокъехь дIахьедар дина Iамеркан тIеман министро Хэйгел Чака. Эскарша кхин дIа дийр долчух лаьцна дийца дуьхьал хилира Хэйгел. Цо бахарехь, Шемахь дIаьвшен газан герз билггал лелийна хилар къастош ю Iамерка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG