ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оппозицин жигархо Осипова боцу бехк хьарчийна, чуйоьллина латтон 3 шо ду


Осипова Таисия Смоленский кlоштан кхелехь гlуллакх юхатоллуш, 28Мар2012
Осипова Таисия Смоленский кlоштан кхелехь гlуллакх юхатоллуш, 28Мар2012

Оьрсийчохь чуйоьллина латточу оппозицин жигархочуьн Осипова Таисин 29 шо кхаьчна хIокху беттан 26-чу дийнахь. Цунна гIортор ечара акци вовшахтоьхна Москох, жима зуда арахецар доьхуш. Оппозицина хетарехь Осипова 8 шарана чуйоьллина, наркотикашца доьзна зулам ца диннашехь, цунна тIе а хьарчийна. «Кхин Оьрсийчоь» оппозицин боламан лидер волчу, Осипован майрачо чIагIдарехь, цуьнан хIусамненан могушалла гуш лаьтташехь телхаш ю набахтехь.


Осипова чуйолларан бахьанаш политикан бух болуш лоруш ду. Оппозицин «Кхин Оьрсийчоьнан» боламан лидерехь марехь йолу жима зуда 8 шо токхуш набахтехь. Дукхах болчарна хетарехь, бе а бехка боцуш, наркотикаш яржорца доьзна зулам хьарчийна цунах. Осипова мукъаяккхийтар доьхуш Москох-гIалахь вовшахкхетта цуьнан гIрторхой. 2011-чу шарахь чуйоьллинчу Осипован гIуллакхо шена тIе кIезиг тидам озабо, масала, чубоьхкинчу Пусси Райотан декъашхошчул а.

Осипован цIийндас Фомченков Сергейс дийцира Маршо радиога, шаьш дицлуш лаьтта Таисин гIуллакх карлдаккха Iалашо йолуш ду, бохуш.

Фомченков: "(Набахтин) чохь цо доккхучу кхаа шарахь кхоалгIа билгалдоккхуш ю иза ша йина де. Митинг вовшахтоьхнарш Таисин доттаг1ий а бу, со а ву, Кхин Оьрсийчоьнан декъашхой а бу. Нахана Таисех а, цуьнан кхолламах а, цуьнан г1уллакхах а лаьцна дагадаийта деза аьлла сацам бинера оха. Х1унда аьлча иза йийцъеш ю."

7 шо кхаьчна жима йоI йолу Осипова цкъа дуьххьара 10 шарана чуйоьллинера, героин дохка гIоьртинера, аьлла. Цу гIуллакхана тIехьовсучу критикаша иза политикан жигархо волчу Осипова Таисин цIийндена бина тIеIаткъам санна лерира. 2012-чу шарахь цуьнан гIуллакх юхателлира, хIетахь президент хиллачу Медеведев Дмитрийс кхелан сацам «тIехь луьра» бу аьлла, емалбича. Амма набахтехь яккха къастийна хан шина шарний бен яц ца йира, прокурораша ерриг хан 4 шо аьлчи а.


Осипова Таисия а, цуьнан доьзал а
Осипова Таисия а, цуьнан доьзал а
Твер-гIалина йистехь хан токхучу Осипова латкъамаш бо, набахтин хьаькамаша ша сийсаза йо, бохуш. ТIех дукха нах болчу цIелиг чохь латтайо. Адвокатаца цхьаьнакхетар а дихкина.

Цуьнан цIийндас бахарехь, шекаран цамгар йолчу Таисин деш дарба дац набахтехь. Шен хIусамненан могушалла дийно-дийно телхаш ю боху цо.

Фомченков: "Цунна догIу дарба ца леладо. Шекаран цамгар йолуш хиларе терра, лерринчу хьелашкахь а, диетин тIехь латтон а, дарба лелон а дезаш яра иза. Набахтехь иза дойла яц. Цуьнга эндокринолог хьажа веза. Цуьнга гуттар хьажа везаш говзанча воллушехь, хIокху кхаа шарахь цунна лор-эндокринолог шозза гина. Лоьрийн талламаш бан а беза. Иза, кхеташ ма-хиллара, доцуш ду. Жим-жима юьйш цара иза."

Оцу юкъанна, ша Осипова ша бехке яц бохучунна тIехь лаьтта. Лехамаш бечу хенахь, полицино шайн петар чохь наркотикаш дIалекъийна хиллера, боху цо. Оьрсийчохь полицино иза дой массарна хууш ду. Цуьнан латкъам юьхьарлецира цуьнан гIуллакх юхатоллучу хенахь.

Прокуроро гIуллакхана юкъара дIадаьккхира, лехамаш бечу хенахь петарна чохь лачкъийна наркотикаш яра бохург. Амма важа ши бехке бисира. Осипован адвокато Сидоркина Светланас дийцарехь, цуьнан клиентан гIуллакх харц бух болуш ду.

Сидоркина: "Цуьнан гIуллакхехь шортта ду, цо наркотикаш яржош ца хиларна тоьшалла деш. Сиха гулъйинчу информацин буха тIехь вовшахтоьхна бу цуьнга кховдийна бехк. Юьхьанцара цунна бехке дуьллуш пхи хIума дара. Эххар а, цуьнан гIуллакх юхателлича ши хIума дисира. Нагахь санна и кхо хIума низамца ца догIуш лерича, Таисина бехке кховдийна доу важа ши хIума а низамехь хиларан хIун тоьшалла ду?

Баханчу Товбецан-баттахь оьрсийн Iедалш реза хилира, Осиповас Европера Адамийн Бакъонийн кхеле, ша лаьцна латточу хенахь кхоьллинчу хьелашна бинчу латкъамца а догIуш, цунна хилла меттахIоттон 4,600 евро ахча дала. Осиповас кхелан сацаман хьокъехь иштта латкъам бина Смоленскехь а, Страсбургерчу Адамийн Бакъонийн Кхеле а.
XS
SM
MD
LG