ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а шахIидаш лилхина ОвхIанехь



ТΙалибаша шайна тΙеэцна, бала арабевллачара шахΙадат а деш, Пакистанан дозанна гергахь лаьттачу Ιамеркан базанна оршоьтан Ιуьйранна дина тΙелатар. Нангархар провинцерчу Торхом-къоштарчу шайн базанна гергахь тΙематасадалар иккхина хилар тΙечΙагΙина Атлантикан аьлянсан ницкъаша а.

Ιедалан ницкъех вийна стагга а вац, амма кхо стаг иккхина тΙалибех, хаам бо Нангархарерчу Ιедалан прес-гΙоьнчалло. Цо бахарехь, альянсан массех машен йохийна. Дакъалоцуш Ιамеркан беракеманаш а долуш, тΙематасадалар лаьттина кхаа сохьтехь сов.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG