ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхайкхаза хьеший лоьхкуш ю Нохчийчоь



Азербайджанера, кхайкханза Нохчийчу а веъна, пурбанза балха хΙоьттина хилла 3 азербайджанхо кхелан сацамца махкахваьккхина. Уьш Дербенте а бигина, Бакохарчу Ιедалан карабелла, хаам бо Нохчийчоьнан миграцин урхалло. Пхи шо дузале махка багΙахь, царна бехк-такхаме таΙзар дийр ду, боху хьукмато.

Кхин а массех арахьара стаг ву махкахваккха кечвина. Кху аьхка иштта араваьккхина Нохчийчуьра ахбΙе гергга кхайкхаза хьаша. Верриг а махкахь Ιораваьлларг ву 350 сов нелегал – китайхой, вьетнамхой, узбекаш, азербайджанхой, эрмалой, гуьржий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG