ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шина вордана ховшалур бац эрмалой



Эрмалойчоьно шена Евроберте боьду некъ боьхкур бу, Оьрсийчоь коьртехь йолчу пачхьалкхийн ассоциаци юкъа йодахь, иза шина гонехь Ιойла дац, боху Евробертан куьйгалхоша. И дΙахьедар дина Евробертан президент волчу Литуван арахьарчу гΙуллакхийн министра Линкевичус Линаса. Оьрсийчоьнах, Белоруссех, Казахстанах лаьттачу таможнин берта юкъахь а юьсуш, оццу хенахь Европан пачхьалкхех дΙакхета гΙертар чекхдер дац, элира Евробертан президента.

Гурахь Эрмалойчоь Евробертана гергаяха лерина йоллушехь оцу мехкан президента Саркисяна шинарий дийнахь Москох Путинца шен хиллачу къамелехь шаьш Оьрсийчоьнан таможнин гоне довла дагахь ду элира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG