ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ιедалан харц-къайленаш емалйо гуьржаша



Эзарнашкахь къайлаха бахархой дΙаязбеш яьхна аудио-видематериалаш хΙаллакйина Гуьржийчоьнан шахьарахь Тбилисехь. Коьртехь чоьхьарчу гΙуллакхийн министр Гарибашвили Ираклий а волуш кхоьллинчу комиссино йохийна 24 эзар файл.

Президентан Саакашвили Михаилан куьйга кΙелхьарчу полицино къайлаха дΙаяздина совдегарийн, политикийн, журналистийн къамелаш ду уьш. Ιедало къайлаха герзаш чохь кхобучу тоьланашкахь карийра и материалаш ах шо хьалха. Ιедалан ницкъаша къайлаха аудио-видео хΙиттош хиларх лаьцна Саакашвилис шена хууш хΙума дац элира хΙетахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG