ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемина тохар дарехьа ю Европера 28 пачхьалкх



Европан Бертан 28 пачхьалкхо шаьш тешнийла хаийтина Шемарчу Ιедало халкъана дуьхьал химин герз тоьхнийла Демаьшкахь бахначу беттан 21-чу дийнахь. И хаам бинчу Евробертан арахьарчу политикан декъан куьйгалхочо Эштон Кэтрина бахарехь, Европано къобалбо Асад Башарна тΙеман тохар ден некъ. И къамел цо дира Вильнюсехь, Ιамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретаран Европерчу дипломаташца цхьаьнакхетар дирзича.

Шоьтан дийнахь Ιамеркан президента Обама Барака Шемара хьал тергамза дуьтийла дац дуьнено, элира. Иза тешна ву тохар дан дезаш хиларх, цунна тΙеман ницкъаш гΙовттон пурба а дехна цо Конгрессе.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG