ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Харжамаш бу еррииг а Оьрсийчохь



Харжамаш бу кΙирандийнахь Оьрсийчохь– уьш хир бу 80 регионан 7 эзар меттехь, мехкашкахь, кΙошташкахь, ярташкахь. Парламенташ а, цхьацца меттигашкахь администрацеш а хоржуш ю Къилбаседа Кавказерчу республикашкахь а. Кхушара дуьйна пачхьалкхехь шеран цхьана дийнахь дΙакхехьа лерина харжамаш.

Дагестанан а, ГΙалгΙайчоьнан а парламенташа къаьстор бу шайн мехкашна куьйгалхой. Кхушара цхьа а тайпа харжамийн барамаш боцуш, мукъа бу ГΙебарта-Балкхаройчоьнан бахархой.

Нохчийчохь сов тΙах-аьлла хьийзаш а, я харжамашка тΙех шовкъ йолуш а бац цигара нах, хаам бо «Кавказан Узел» цΙе йолчу информ-агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG