ХIокху бетта кзозлогIчу дийнахь йолийна Iели-юртара Арчаков Азамата мацалла. И акци йолаелла, масех де даьлчий бен ца хиънера цуьнах лаьцна журналисташна. Маршо радиога цо ишшта дийцира, ша Iедалшка доьхучу хIумнех.
Арчаков Азамат: «Со чохь веха меттиг чIогIа тиша ю. 50 шо кхоччуш гIишло ю хIара, 6 метар лекха тхов а болуш. Лаьтта йоьттина бетон ю. Чохь кегий бераш ду сан. Доккхах долу бер 5 классехь ду, жимах долчуьнна 1 шо сов хан ю. Цхьа бер заьlап ду. Диабет боху цамгар ю цуьнан. Цунна луш молх дац.
Пенсии ду сацийна. Заьlапалла дахдеш дац шина шарна бен. Иза хIинций бен ца дина, соьгара ахча даккха гIерташ. Диабетан дарба доцийла хуъушехь, иза схьа ца ло цара атта. Ас бохург ду, суна догIуш дерг схьало, берана дарба а де, пенси а схьало, суна йогIуш йолу, чохь Iен меттиг а ло боху ас кхаьрга».
Арчаков Азаматан, делла долу дош, кхочуш ца дина, Iедалш. Харжамашна йоьххьехь, сиха хьийзачу Iедалшна а оьшуш дацара, иза гIарадалийта, цундела, оцу стаган тIе а оьхуш, шаьш иза а, важа а дина, цIенош а дийра ду, аьлла дош а делла дIабахнера. ЦIенош дан хан а дIаьялла, даржхой шена гуш бац, бохуш халахеташ ву и стаг. Цуьнан озехь хаало, де дине мел долу, царах болу тешам цуьнан дIабоьлуш буйла.
Арчаков Азамат: «Цара хIумма а дина дац. Хан а йоцуш долу пенсийн кехат лура ду аьллера цара. Суна деънарг бера 4 шо даьлча юха а чекхадаккха дезаш нисло. Берашна, Интернет тIе тесна а йолуш, компьютер хIоттора ю аьллера. Иза а йоцуш ю. Иза дешарна гIоле хира ду аьлла дара.
Мел долу молх лура ду аьллера. Уьш а таханлерачу дийнахь схьаделла дац. Ков-керта дийра ду аьлла дара. И цIа а, сан доьзална тоам болуш барам бац. ЦIа долийна дац. Дийра ду аьлла. КIирнадийнахь долора ду аьллера. Амма, хIинца а болх болийна бац. Сан доьзална йогIуш ерг I54 метар ю. Кхара ян дагахь ерг 80 метар бен яц».
Арчаков Азамат волчу, ца вогIуш стаг ца виснера, Iедалан бакъонашларъярхочуьнна тIера, парламентан куьйгалхочуьнна тIекхаччалца. Цхьаболчара, харжамаш чекхабовлалца, собар дар дийхира шега, бохуш кхин дIа а дийцира цо.
Арчаков Азамат: «Иза бакъ ду. Цхъаннахь ала а ма ала. Ахь цхьаннахь ца алахъ, цIа дийра дуо ха, ткъа алахь-дийра дац, аьллера соьга. Ультиматутм яра суна цара хIоттийнарг».
Ша дIакхайхкина йолу мацалла сацъян дагахь вац Арчаков Азамат. Мелхо а, нагахь санна, шена низамашца доггIушщ дерг Iедалша ца лахь, ша шех цIе таса кийча ву, элира цо.
Арчаков Азамат: «Кху чохъ бер дакхош йолу зуда ю сан. Иза а суна улле охьахуур ю, мацалла а кхайкхина. Акции со сацон дагахь а вац. Нагахь санна, нуьцкъалха хIума дана уьш гIортахь, суна хаа, кисанна наркотик а, герз а кхоьссина хIума дийра ду.
Ишта хилахь, и Iедал суна тIедоггIучу минотехь ас, сайн тIе бензин тIе а доьттина, цIе тосур ю сайх. Канистр уллехь лаьтташ а ю. Далла хьалха иза нийса доцийла а хаа суна. Сан хьакъ дууш бу и хьаькамаш. Кхин вариант йолуш вац со. Тоха са дац сан кхин дIа».
Харжамийн йоьххехь, миска берш а, цомгуш берш а, бобераш а дага догIу лаккхара даржаш дIатаса ца луучарна. Амма, шаьш хаьржича, делла дош, ша мохехь байна кIура санна дицло царна.
Арчаков Азамат санна, шай бакъонаш ларъян хIуттуш наггахь бен стаг вац, я Нохчийчохь а, я ГIалгIайн махкахь а. Оцу некъа тIеваьллачуьнна а ца Iаш, гергарчаьрна а, Iаткъам бан болабо Iедалша, ша цхьана мостагIий болуш санна. Цу бахьанца, цхьаберш беха, кисанахь буйнаш а дой, дог а къуьйлуш, цергаш а хьекхош.