ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хрущевс шен карьера йолийна 60 шо кхаьчна

ХIокху кIирнахь кхузткъа шо кхаьчна Хрущев Никитас Советан Бертан пачхьалкхан Коммунистийн партин хьалхарчу секретаран дарж караэцна. Советан экономика кхуьуш а, коммунизме болу тешам онда а хиларна цо майра реформаш йолийра пачхьалкхехь. Реформин декъехь яра десталинизаци, эрна аренашкахь ялта кхиоран программа, космосан программа, културера паргIатонаш а. Амма пачхьалкхана арахьа Хрущев шога вара. Берлинера пен бан омар делира, къинхетамза охьатаIабайтира 1956-чу шарахь Венгрехь иккхина гIаттам, Кубан ракетийн кризис йолуш, дуьне тIамна герга далийра. 1964-чу шарахь Брежнев Леонида вохийра урхалла дечуьра. Сталин Иосиф веллачул тIаьхьа цо бинчу хийцамийн уггар къегина билгало яра, дарж Iад а дитина, цуьнан маьршша пенсе ваха а, 1971-чу шарахь велла дIаваллалц, парггIат мемуараш язъян а елла бакъо.

Хьажа кхин дIа а

XS
SM
MD
LG