ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан малхбалехьара пачхьалкхашна Оьрсийчоьно тIеIаткъам барна дуьхьал резолюци тIеэцна Европан парламенто


Дукхах болчара кхаьжнаш тесна, Европан парламентан векалша резолюци тIеэцна, Европан Бертана малхбалехьа йолчу пачхьалкхашна-лулахошна Оьрсийчоьно кеп-кепара тIеIаткъам барна хьокъехь сингаттам бовзуьйтуш йолу.

Массо а коьртачу партеша гIортор еш йолчу оцу тексто кхайкхам бо Европан Арахьарчу ГIуллакхийн Сервисе, «цIена коммерцин билгало» йолу хиламаш къастон. Цул сов, цо Брюсселан Арахьарчу ГIуллакхийн Урхалле дехар до, Малхбале Европан накъосташка кхетташ дIахаийтар, церан Европаца йолчу дегайовхонашна а, хьежамашна а гIортор хир юйла, хоуьйтуш.

Украина, Гуьржийчоь, Молдова а санна йолу пачхаьлкхаш догдохуш ю, Лахьанан баттахь Вильнюсехь хир йолчу Малхбален накъосталлин саммитехь Европан Бартаца йохка-эцаран берташ чIагIбаре. И тайпа йоккхучу гIулчо царна мага ца до, Оьрсийчоьно урхалла дечу Дозанан Бертах кхетар. Ткъа Москохана иза лаьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG