ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ламасташ дендеш лекхачу чхар тIехь вехаш ву гуьржийн мозгIар

Гуьржийчоьнан малхбузехь Iуьллучу Чиатура-гIаланна гена йоцуш йолчу Кацхи-эвлахь 40 метр лекхачу чхар тIехь Далла гIуллакх деш вехаш ву гуьржийн мозгIар. 15-чу бIешарахь Османан империно Гуьржийчоь дIалаццалц Кацхерчу цу чхарах пайда оьцуш хилла дахарна юьстах бевлла Далла Iамал еш бехачу гуьржийн керстан мозгIарша. Масийтта бIешарахь адамаша дIатесна лаьттина и меттиг, ганахара бахархоша лахара хьала бIаьрг а бетташ. 1944-чу шарахь алпинист цу чхаран буьххье ваьлча цунна карийра тIаьххьара цу тIехь Iийначу мозгIаран даьIахкаш а, килсан херцарш а. Советан пачхьалкх йоьхначул тIаьхьа Гуьржийчохь керстан дин денлуш Iедалша зуламда лоруш волу Кавтарадзе Максим цIе йолу жима стаг ваха хиина цу меттехь, ширачу заманахь хилла ламаст дендеш. ХIинца цуьнан 59 шо ду. Photos by Amos Chapple.

Хьажа кхин дIа а

XS
SM
MD
LG