ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхиазхо лачкъорна лаьцна Дагестанан миниистран когаметта


Дагестанан индустрин а, энергетикан а министран когаметта Гаджибеков Руслан лаьцна цу республикан Iедалша. Интерфаксо бинчу хаамца, цунна бехке дуьллуш ду кхиазхо лачкъор. Талламхоша дийцарехь, Товбеца-баттахь Приморский олучу эвлахь муьлуш бу ца хуучу наха лачкъъийнера Избербаш-гIалара кхиазхо.

Кестта цара 45 миллион сом дехна хилла цу жимачу стеган дега. Гезгмашин-беттан 12-чу дийнахь и ахча шайн каракхачначул тIаьхьа зуламхоша дIахецна шаьш лачкъийна кхиазхо. Дагестанан прокуратуро бехк-такхаман гIуллакх схьадиллина зуламхойн тобано, хаьлххе кечам а бина, ахча даккхар Iалашонца кхиазхо лачкъор бахаьана долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG