ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Журналист лаьцна Iедалша Бакохахь


Азербайджанехь Iедалша лаьцна возуш воцу журналист «Вайн некъ» цIе йолчу газетан корреспондент Хашимли Первез. Цунна бехке дуьллуш ду, бакъо а йоцуш, наркотикаш а, герз а латтор. Полицино Шинарин дийнахь талламаш бина журналистан Бакохахь йолчу хIусамехь.

ХIара бутт болалуш Human Rights Watch олучу дуьненаюкъарчу организацино бехке дира Азербайджанан Iедалш, махкахь президентан харжамаш тIекхочуш а болуш, цигарчу режимана дуьхьал болу нах охьатаIо гIертарна.

Ткъа Марсхьокху-баттахь Amnesty International организацино критика йира Азербайджанан Iедална, оппозицин жигахой цхьацца бахьанаш а кхуллуш лийцарна. Президентан харжамаш хир бу цу махкахь тIебогIучу беттан 9-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG