Шен политикан дуьхьалонча Тимошенко Юлия набахтера дIахеца некъаш лоьхуш ву ша аьлла дIахьедар дина Украинан президенто Янукович Виктора. Амма ПIераскана дийнахь, Ялтехь вист хуьлуш, цо элира, Тимошенкона амнисти ярх доьзна долу хаттар ма моттара атта дац аьлла.
Украинан хилла йолу премьер-министр карарчу хенахь токхуш ю шена тоьхна йолу 7 шо хан. Европерчу лидерша юх-юха а доьху Януковиче, даржах пайда а аьцна харцонаш лелийна аьлла 2011-чу шарахь набахти чуйоьллина йолу Тимошенко Юлия дIахецахьара бохуш.
Литван президенто Грибаускайте Даляс ПIераскана дийнахь дIахьедар дира Тимошенко маьрша ца яккхахь Лахьан-баттахь Вильнюсехь хир йолчу «Малхбалера накъосталла» саммитехь Украиница барт бийра бац Евроберто аьлла.