ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФСБ-но лаьцна латтош ду Гринписан хIордан кема


Гринписан жигархошка хIинца а офицалана кепехь бехк а ца кховдийна, уьш дIалийцаран бахьана а ца дийцина Оьрсийчоьнан федералан кхерамазаллан сервисо. Цунах лаьцна хаам бина Интерфакс-агенталло, Оьрсийчурча Гринписан декъан декъашхошна тIе а тевжаш.

Оьрсийн дозанан гIаролхоша Arctic Sunrise цIе йолу хIордан кема дIалацар бакъонца а дац, дуьненаюкъарчу низамашца догIуш а дац аьлла дIахьедар дина экологаша. Кху беттан 19-чу дийнахь тIехь 25 эколог волу Arctic Sunrise хIордан кема дIалаьцна ФСБ-н белхахоша. Гринписан жигархой дуьхьал бу хIорд бухара мехкадаьтта даккхарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG