Найробехь – Кенин коьртачу шахьарахь – йохк-эцаран Уэстгейт базарахь лаххара а 69 стаг а вуьйш, 170 а лазош вовшашца тΙемаш бина полициной, меттигерчу герзахоший. Бехк шена тΙеэцна Сомалерчу аш-Шабад боламо.
Беллачаралахь ву 3 ингалсхо а. Церан хьокъехь шен дипломаташца къамел дина Британин премьер-министра Кемерон Дэвида.
Найробин президент Руто Вильям, кхело цо адамашна гΙело яр толлуш, даржах юьстахваьккхина веха кху муьрехь. Пачхьалкхарчу кризисца доьзна иза шен белхан метте вита тарло кху деношкахь.