ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьне дохдаларан бахьана



Дуьне хан хене мел йолу дохлуш хиларна бехке адамаш ду, боху Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацехь жил-Ιалам зуьйчу экспертийн тобано. СтокьхΙолмехь пΙераскан дийнахь арахецна цара шайн керла тептар.

Глобалан йовхо тΙегΙерташ хиларан 95 процент бахьанаш Лаьттан бахархоша кхоьллина, боху говзанчаша. ХΙара бΙешо доладелча дуьйна схьа 26 сантиметр тΙера 82 сантиметре кхочуш хьаладевлла хΙордаш а. Тептар дуьззина шен ерриг а 200 агΙонца арадер ду оршотдийнахь.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин Инарла секретара Ги Мун Пана кхойкху пачхьалкхийн дай дуьненан Ιаламан проблемаш йийца гулбаларе тΙедогΙучу шеран гурахь.

«Иза кхин а цхьа сингаттаме тΙегΙа ю» адамашна тΙехΙуттуш, элира Ιаламзерхошка ладоьгΙначу Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретара Керри Джона.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG