ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара зуламаш талла йоьду инспекци



Шемара химин герз дуьненаюкъарчу инспекцин каралуш барамаш буьйлало тΙедогΙучу шинарий дийнахь. Химин герзаш лелор доьхкуш, тергонехь латточу Организацино дΙахьедина, ша оцу кхераме герзах пайда мел эцна агΙонаш, тобанаш схьалохур ю, аьлла.

Гаагехь, химин герзаш доьхкучу оцу организацин хΙусамехь бийцаре беш бу Шемахь бан богΙучу белхан некъаш. Иштта Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Кхерамзаллин кхеташонна юкъайогΙу пхи пачхьалкх а яра пΙераскандийнахь Шемех йозу проект кечъеш.

Дуьненаюкъарчу организацеша зуьйш ю Демаьшкахь химин герз юкъадоккхуш нисъелла 7 меттиг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG