ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

РохΙанис Обамаца къамел дарна массо а бац реза



ТΙаьххьарчу заманахь хилла а доцург – Ιамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президентца Барак Обамица телефонехула къамел динчул тΙаьхьа - ГΙажарийчоьнан президент РохΙани Хьасан цΙавирзина Нью-Йоркера, Цхьакхеттачу къаьмнийн организацин кхеташонера.

Иза ТΙехΙеранехь кеманара охьавуссуш, дуьхьал баьхкинчу нехан цхьана декъо маьхьарий деттара, «ХΙаллакьхуьлда Ιамерка!», бохуш, цуьнан машен тΙе локкхаргаш а етташ.

Нью-Йоркехь цо дΙахьедина, гΙажарой кийча бу шайн зарратан программа бахьанехь Малхбузенца иккхина дов бертахь дерзон, аьлла. Оцу хьокъехь дара цуьнан 15 Обамица хилла къамел а . Ιамеркан лидер РохΙанин дехарца ваьллера зΙене.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG