ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Румыни а, Болгари а Шенгенан бертана юкъаэцарна дуьхьал ю Париж


Францин арахьарчу гIуллакхийн министро Фабиус Лорана дIахьедар дина, шаьш реза хир дацара, нагахь Румыни а, Болгари а Шенгенан зонана юкъаяхча аьлла. Цо дийцарехь, Румыни а, Болгари а цу бертана юкъаяхаро аьтто бийр бара кхоалгIачу пачхьалкхарчу иммигранташна маьршша Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхашка кхача.

И хаттар Францин министро дийцаре даран бахьана ду Румынера а, Болгарера а Франце оьхуш болчу цигонашна (ромашна) гонаха цу махкарчу политикаш дIахьош къийсамаш хилар. Кху деношкахь Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Валс Мануэла дIахьедар дира, ромаш Францерчу юкъараллах дIаэлур болуш бац, уьш шаьш схьабаьхкинчу пачхьалкхашка цIахьовсо беза аьлла.

Румынин а, Болгарин а дозанашкахь паспорташ талларан раж юкъаяьккхира и ши пачхьалкх 2007-чу шарахь Евробертана юкъаяхар бахьана долуш. И раж дIаяккха мегаш ю 2014-чу шарахь Дечкен-баттахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG