ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мехала махкара бахархой ларар доладелла Боснехь


Кху кIиранах Боснехь долалуш ду бахархой ларар. Иза ца динера цу махкахь 1991-чу шарахь дуйна. Пачхьалкхехь бехачу нехан терахь чIогIа экаме хаттар ду Боснехь, хIунда аьлча цо гойтур ду 1992-чу а, 1995-чу шерашкахь тIом хиллачул тIаьхьа цигахь бехаш муьлхачу къамнийн векалш бу.

Цу гIуллакхо Iаткъам бийр бу, Дейтонерчу машаран бертаца а догIуш, цу махкахь бехачу боснихошна а, сербашна а, хорваташна а юкъахь Iедал декъарна. 1991-чу шарахь хиллачу бахархой ларарца а догIуш, махкахь бехаш бу 43 процент ах процент бусулба боснихой а, 31 процент сов сербаш а, 17 процент сов хорваташ а. Боснехь бахархой лараран жамIаш дан говзанчашна оьшур ду лаххара а цхьа шо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG