ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТехIранца къаьмел дан кийча ю Вашингтон


ГIажарийчоьнан керлачу Iедалшца дагадовларш дIадахьа кийча ю Вашингтон аьлла дIахьедар дина, Iамеркан пачхьалкхан секретаро Керри Джона.

Делахь а, и гIуллакх кхочуш дар тIедоьгIна хила деза билггал яьхначу гIуллчашна аьлла хета цунна. Керрис дийцарехь, ТехIрано билггала цхьаъ дан деза ГIажарийчоьнан зарратан программа бахьана долуш дуьненаюкъаралло доьхург кхочуш деш.

Iамеркан пачхьалкхан секретаро и дIахьедар дина Токиохь Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Японин а тIеман а, арахьарачу гIуллакхийн а министрша дакъа а лоцуш хилла кхеташо дIайирзинчул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG