ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Косенкох хьераваьлла боху кхело



Стохка бΙаьста Москох Болотная майданахь Ιедална дуьхьал гулам дΙахьош оппозицин декъашхочо Косенко Михаила полицин белхахочунна йиттина хилар тΙечΙагΙдеш сацам бина кхело. Цунна кхетамчуьра ваьлла стаг хилар а къастош, лаамза психиатрин лазарнехь тован кхачийна. Билгалдаьккхина цуьнан цо шераш хьалха эскарехь гΙуллакх дечу хенахь корта лазийна хилар. Оцу бахьанийца набахте ца хьажош витина Косенко.

12 стаг ву Болотная майданахь полицех латарна бехке а веш, кхеле валийна. Оццул бу талламчаша жоьпалле озийна, лебеш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG