ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Химехула долу Нобелан совгIат кхаьчна Карплюс Мартинна, Левитт Майклана, Уоршел Ариена


2013-чу шеран химехула долу Нобелан совгIат дIакхайкхийна тахана СтокхIолмехь.
Кху шара цуьнан лауераташ хIиттина цIера Австерара волу Iамеркахо Карплюс Мартин а, Къилба Африкера Левитт Майкл а, Израилера Iилманча Уоршел Арье а.
«Чолхе химин системийн моделаш шуьйрачу барамехь талларна» делла ду Iилманчашна и совгIат.

70-чу шерашкахь Карплюса а, биохимикаша Левитта а, Уоршелла а химийн процессаш кхуллу компьютеран бух биллира. Цо аьтто бира дукхах йолчу рекцех теорин агIора кхетон а, церан хьлахара жамIаш алийта а.
Нобелан комитетан декъашхоша леррина элира, Карплюса а, Левитто а, Уоршела бинчу гIирсаша химикашна аьтто баьккхина классикан ньютонан физикин а, квантан механикин а билгалонаш цхьанаметта хьесапе эца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG