ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Таджикистанера президентан харжамашна юкъараяьлла бакъонашларъярхо Бобоназарова Ойнихол


Таджикистанера Цхьаьнакхеттачу оппозицин цIарах президентан харжамийн кандидат, бакъонашларъярхо Бобоназарова Ойнихол харжамийн кампанина юкъара яьлла.

Маршо радион таджикийн сервисо бечу хаамца, хIоттийначу хенахь цуьнан аьтто ца баьлла, шен гIортор ечу нехан 210 эзар куьгйоза гулдан.

Куьгйозанаш гул а дина, официала кепара Харжамийн Комитете чудала деза хан ГIадужу-беттан 10-чу дийнахь чекхяьлла.
Бобоназаровас тIечIагIдина ша президентан харжамашкахь дакъа лоцуш ца хилар.
Лахьанан беттан 6-чу дийнахь хоржуш ву Таджикистанехь президент. И дарж къовсуш 6 кандидат ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG