ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керри Джон а, Карзай Хьамид а цхьанакхеттера шина агIонан кхерамазаллин бертаца доьзна дагадовларш чекхдаха


ПIераскан дийнахь ОвхIан пачхьалкхе вахана волу Iамеркан Цхьаьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретар Керри Джон а, овхIанхойн президент Карзай Хьамид а цхьанакхеттера шоьтан дийнахь, шина агIонан кхерамазаллин бертаца доьзна дагадовларш чекхдаха.

НАТОн эскарш 2014-чу шарахь арадаьхначул тIаьхьа, цу пачхьалкхехь дуьсур долчу Iамеркан эскарш хир долу бакъонийн гур бара буьйцуш берг. Дийцарехь, дукхах долу цхьана ца дараш дIадаьхна.

Хаамийн агенталлаша бахарехь, ГIадужу бутту чекхбалале къастийна дала дезаш ду и гIуллакх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG