ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIайчу ЦIийнахь хьошалла дина Пакистанера жигархочунна Юсуфзай Малалина


Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Обама Барак а, цуьнан хIусамнан Мишел а тахана КIайчу ЦIийнахь цхьаьнакхийтира Пакистанера зударийн дешарехьа къуьйсучу жигархочуьнца Юсуфзай Малалица. Президенто а, Мишела а Малалина баркалла элира, Пакистанехь зударийн бакъонаш божарийчарех терра цхьананисъян гIерташ, цо жигара бечу балхана.

Дуьненаюкъара зудаберийн денца доьзначу шен дIахьедарехь Обамас элира, «дерриг а дуьнентIехь ду цкъа мацца а шайн пачхьалкхийн урхалле хIуьттур долу зудабераш, нагахь санна, вай царна шайн кхоллам харжа аьтто лахь».

Даханчу шарахь школера автобуса тIехь цIайоьдуш хиллачу Малалина герз диттинера тIалибаша. Амма, дийна йисира. Ингалс-махкара лоьраша динчу дарбано сиха меттаялийна иза.

Делахь а, шен пачхьалкхехь, пакистанхошна, Малала Iамеркан тайниг ю, Коьртачу Талламан Центран агент а ю. Иза схьаяьллачу Сват атагIахь, цуьнан лулахоша хьагI лаьцна цуьнца. Ла ца делла, цунна Сахаровн цIарах долу деза совгIат далар а.

Дукхах болчарна хетарехь, цо а, цуьнан доьзало а, Британе дIакхалха долийна хIума дара иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG