ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Магасна" валлалц набахтехь Iан кхачийна



Валлалц набахтехь кхаба кхачийна «Кавказ»-Имаратан куьйгалхо Умаров Доккин гонехь тIеман амир лаьттинчу Тазиев Iелина Ростоврчу Къилбаседа Кавказан тIеман кхело.

«Магас» шех олуш хиллачу 39 шо долчу гIаттамхочунна бехке дина дуккха а деза зуламаш – нах байъарна тIераГIалгIайчоьнан администратор Евкуров Юнус-Бек вен кIело ярна а, Оьрсийчохь Iедал хийца гIортарна а тIекхаччалц.
2010-чу шарахь ХIирийчуьрчу Мазалк-гIалин къоштахь лецира иза ФСБ-но, наха тоьхначу матах пайда а оьцуш.

Кхел йоьдучу беттанашкахь хаамаш баьржара прессехь, Тазиевс шегара а, кхечу гIаттамхошкара а дийлина зуламаш Iорадахарехь гIо до талламчашна, цо дуьйцучо аьтто бина массех «Кавказ»-Имаратан баьчча лаца а, хIаллакван а, бохуш. Ткъа и хаамаш бакъ ца бо гIаттамхоша. Кхелехь Тазиев Iелас тIе ца лаьцна шена цхьа а бехк.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG