ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ша дина зулам дуй Зейналовс тIелаьцнарг?


Оьрсийчоь - Зейналов Орхан, Щербаков Егор верна шеко йолуш Москох чувоьллина латтош ву, ГIадужу-беттан 15, 2013
Оьрсийчоь - Зейналов Орхан, Щербаков Егор верна шеко йолуш Москох чувоьллина латтош ву, ГIадужу-беттан 15, 2013

Щербаков Егор верна шеко йолуш, Москох лаьцначу азербаджанхочуьн дас дийцарехь, цуьнан кIантана доьхьал долийна долу гIуллакх «хьалххе кечдина а, политикан амал йолуш а» ду. Маршо радион азербайджанхойн корреспондента Новрузова Гулнура къамел дина лаьцначу Зейналов Орханов де-ненаца.

Оьрсийн Щербаков Егор верна бехке а лерина, Москох лаьцначу азербайджанхочуьн Зейналов Орханан дас чIагIдарехь, цуьнан кIантана доьхьал долийна гIуллакх «юьххьера дуьйна чекхдаллалц хьалххе дуьйна кечдина а, политикан амал» йолуш а ду. Маршо радион азербайджанхойн сервисан еллачу эксклузив интервьюхь Зейналов ЗахIида элира, ша тешаш вац, шен кIант Орхан, даханчу кIирнахь Москохара Бирюлево кIоштахь урс диттина, стаг вийнарг ву бохучух.

Зейналов: "Хиллачух кхуьуш вац со. Сан кIант Москох волу 4 шо сов хан ю. Керланаш хезначу хенахь со чIогIа дог даьттIа вара. Аса элира, «сан кIанта дойла дац иза». Юьххьера дуьйна чекхдаллалц кечдина хIума ду иза. Хьалххе дуьйна кечам а бина, цхьа политикан гIуллакх ду иза. Кхин хIун эр ду аса?»


Азербайджан – Зейналов Орханан да Захlид, 16ГIа2013
Азербайджан – Зейналов Орханан да Захlид, 16ГIа2013
​30 шо долу Зейналов Орхан оьрсийн полицино шинарин дийнахь лаьцна ву Москох. Иза бехке веш ву 25 шо долу Щербаков Егор урс диттина, верна. Цкъачунна, хилларг, ма-дарра, хууш дац. Амма, дуьйцург, зудаберана тIехула даьлла хилла дов ду.

Урс диттинарг ведда, амма видеокамераша даьхначу суьрташ тIехь гуш ду боху, тIелатар динарг Кавказера я Юккъерчу Азера схьавалар долчух тарлойла.

ТIаьхьарчу масех шарахь мигранташна тIехула иккхинчух уггар а вуочух дов ду иза Оьрсийчохь.

ГIадужу-беттан 13-чу дийнахь, расистийн дIахьедарш деш, дуьхьалончийн тоба Москохарчу Бирюлево-кIоштара йохка-эцаран центрна чуяьллера, кораш отуш. Вуьйш, мигранташа белхаш бечу хасстоьмийн базина чоьхьабевла хьаьвсира. Дийцарехь, циггахь болх беш хилла Зейналов а. Амма тIекхаьчна хиллачу полицино юхабаьхнера.

23 стаг, царна юкъахь 8 полисхо а волуш, чевнаш хилла ву цигарчу тасадаларшкахь. 400 протестхо лаьцнера,амма царах дукхах берш вуно сиха дIахийцира. Полици юха а мигранташна тIейирзира. ГIадужу-беттан 14-чу дийнахь Бирюлевора хасстоьмийн базехь лаьцна чувоьллира 1,200 мигрант.

Маршо радион корреспондент Новрузова Гулнур яхара Азербайджанерчу Шамкир кIоштара Сейфали эвлахь дехачу Зейналовн деца а, ненаца а къамел дан. И кIошт, вуно дукха нах белхаш лаха махкал арабовларца евзаш ю.

Азербайджан -- Зейналова Есемен, Орханан нана, 15ГIа 2013
Азербайджан -- Зейналова Есемен, Орханан нана, 15ГIа 2013
​Шен кIант эхь долуш а, дика кхиийна а вара бохуш дийцина Зейналовас. Цо бахарехь, Азербайджанера эскарехь гIуллакх дина ваьллачул тIаьхь, диъ шо хьалха Москох ваханера иза болх лаха. Ша лацале де хьалха цIа телефон тоьхнера цо, бохуш дийцира Зейналова Есемена.

Зейналова: «Сан кIанта телефон тоьхна элира, ша хIумма а ца дина. Цхьацца шеконаш ю полицин, аьлла. Делкъал тIаьхьа шиъ я кхо сахьт даьлла хан яра иза. Ша дика ву. Керланашкахула шуна хеззарш хеза шена а, элира цо. Ша Iедалшна тIегIур ву, хIун-мила-хилла хьажа.»

Зейналов ЗахIида тIетуьйхира «Аса ма-аллара, цхьа политикан ловзар мега иза», аьлла.

Зейналов лаьцна масех сахьт далале, Оьрсийчоьнан Чоьхьарчу ГIуллакхийн министраллин зорбан секретаро дIахьедар дира, лаьцнарг (Зейналовс) ша зулам дарна къера хилла, «оперативан белхахошца официала доцчу къамелехь», аьлла.

Бакъонашларъяран тобанаша Советан пачхьалкхана юкъайогIуш хиллачу республикашкара а, Кавказера а мигранташна варе дина, кIиран дийнахь Москох хиллачунна тIехула царна Оьрсийчохь лаьтта кхерам лакхабаларх лаьцна.

Официала хьесапехь 11 миллион сов мигрант ву Оьрсийчохь карарчу хенахь. Амма, и терахь дуккха а лекхара ду боху кхечу терахьаша. ХIунда аьлча, дукхах берш, къайлаха болх беш болун дера.
XS
SM
MD
LG