ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тимошенко Юлия ханна арахецарх шена хетарг аьлла цуьнан цIийндас



Лаьцна, чохь йоллучу Украинан премьер-министр лаьттинчу Тимошенко Юлиян цΙийндас Александра беламе лору иза набахтера дарба дан ханна араялийта кечдечу низаман проект.

Тимошенко Александра Маршо Радионе элира, «делахь а мелла а къинхетам беш бу шен зудчунна, лозучу букъна дарбадан-х хир юй йиш», - аьлла. Президентан Янукович Викторан карахь ду сацам чекхбаккхар, ша аьлларг деш парламент а йолуш лаьттачу хьолехь, боху Тимошенкос.

ПΙераскан дийнахь кхаьчна низаман проект Украинан парламенте. Цо магадахь, Германе дарбадан Тимошенко йига лерина ду немцойн Ιедал. Боцу бехк тΙе а хьарчийна, Януковичан агΙоно политикехь эшош, 7 шо хан а тоьхна набхте хьажийна лору Европерчу политикаша Тимошенко Юлия.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG