ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамерка – Михаил Когэлничану - Манас



Ιамеркара ОвхΙанистане лелачу кеманашна Ιаьржа хΙорда чуьрчу авиалаьттийлах пайда эца магийна Атлантикан тΙеман альянса юкъайогΙучу Румынино.

ГΙиргΙазойчохь шаьш пайда оьцучу Манас кеманийн гΙоттийлера Румынин Михаил Когэлничану гΙоттийле а лелаш, ОвхΙинистане киранаш дΙасакхехьа аьтто совболу хΙинца альянсан ницкъийн. Амма гΙиргΙазошца Манасехь альянсан кеманаш латтон бина бартан хан ю тΙедогΙучу шарахь кхачалуш. Цунна Ιамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн тΙеман министра Хейгел Чака бина гΙайгΙа бу Румыница барт карор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG