ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийн премьер-министр дагахь ву дарж дита



Гуьржийчоьнан премьер-министра Иванишвили Бидизнас ша кестта даржера дIаволу аьлла, шен метте хIоттор хьехна шена герга волу чоьхьарчу гIуллакхийн министр Гарибашвили Ираклий. И некъ Иванишвилис хьахийра шоьтан дийнахь Iедалан дай гулбеллачохь.

Керлчу президентна Маргвелашвили Георгийна кху беттан 17-чу дийнахь тажтиллина даьлча, ша дуьтур ду шегара дарж элира премьера. Гуьржийчоьнан конституцехь дукха хан йоццуш бинчу хийцамаша президентехь хилла дуккха а бакъонаш дIало премьер-министран кара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG