ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Обама Барак: Барт оьшу иракъхошна



Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Обама Барака иракъхой кхойкху, вовшашна гIело яр а дитина, дика дахар хIотточу новкъа бовларе. Вашингтонехь Иракъан премьер-министрца ал-Малики Нурица пIераскан дийнахь хилла къамел дерзош, хазийра цо шен кхайкхам. Иракъхошна маьршша харжамаш бан бакъо кхачош низам оьшу, ницкъаша вовшел тола а ца гIерташ, бохура Обамас.

ТIедогIучу шарна лерина пахьалкхан куьйгалхочун харжамаш аьттонца боьрзийла лаьа шена шайн махкахь, бохура ал-Малики Нурис а. Цара дийцаре дира Иракъехь жигараяьлла хьийзачу ал-Къаидан тобанаш муха къаръялур ю. Хьахаделира Шемара хьал а, ГIажарийчуьра зарратан программа дуьненан тергонехь хила езар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG