ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицин белхахо а, суьдхо а вийна Дагестанехь


Дагестанехь тIемалошца хиллачу тасадаларехь вийна полицин лерринчу тобанан белхахо. Кхин цхьаъ чевнаш йина ву. ТIематасадалар хилла ЦIунти кIоштахь, хьунхахь. Меттигерчу Iедалша чIагIдарехь, тIемалошна юкъахь а ду дараш. Амма цу хьокъехь кхин билгала дуьйцуш хIума дац.

Цу хеннахь ХIинжа-гIалахь вийна федералан суьдхо Маданов Зайнудин. Дагестанан талламан комитетан векло дийцарехь, цунна герз диттина шина стага. Маданов федералан суьдхо болх беш хилла Ленинан кIоштIахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG