ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

40 шо хан тоьхна Британехь бусулба стаг вийначу Украинерчу вахархочунна


Британерчу суьдо, 40 шо хан а тоьхна, чувоьллина Украини махкахо Лапшин Павло. Иза бехке вина бусулба стаг верна а, маьждигашна уллехь бомбанаш лелхийтарна а. 25 шо долчу цу стага Бирмингемехь вийнарг ву 82 шо долу Мухьаммад Салеем. Лапшин дIахьедар дина суьдехь и стаг ша вер бахьана дара иза кIайн басахь ца хилар аьлла.

Цо стаг вийна Британехь аспирантурехь деша ша веана масийтта де а далале. Цул сов, Лапшин даре дина ша Ингалс-махкахь кхаа гIалахь долчу маьждигашкахь бомбанаш ехкина хилла хилар. Кху беттан Мангал-баттахь, уьш лилхича, цхьа а ца вийра, цхьа сагIа юкъа а доьлла.

Суьдхочо шен шеко яц аьлла цу стага дина зуламаш адамашна юкъахь дов даккха Iалашо йолуш дина хиларна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG