ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маьрша нах байина ОвхIанистанехь


ОвхIанистанехь, некъа йиллина бомба а иккхина, вийна 8 маьрша вахархо. Царах 5 зуда ю, 2 бер ду, кхин цхьаъ гIеметта хIоьттина стаг ву. Уьш цхьана доьзалера нах бу.

Полицино бинчу хаамца, и бохам хилла Забуль провинцехь, Калат олучу гIалан уллехь.

Полицин хьаькимо тIалибаш бехке бина и эккхийтар дарна. ХIара кIира долалуш оццу меттехь вийна 7 стаг карийнера. Цхьаболчу хаамашца уьш ОвхIанистанан Армин эскархой хила мега, даханчу кIиранах лачкъийна болу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG