ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчура министрийн кабинет хийца лууш бу коммунисташ


Оьрсийчоьнан Федерацин коммунистийн партино ши миллон сов куьг гулдина Оьрсийчоьнан министрийн кабинет дIасахецар доьхуш. Цуьнах лаьцна хаам бина КПРФ олучу коммунистийн партин куьйгалхочо Зюганов Геннадийс. Зюгановс дийцарехь, дукхах долу куьйгаш гулдина цара урамашкахь. Ткъа 150 эзар куьг гулдина интернетехь.

Зюгановна хетарехь, мел лаххара а 10 бахьана ду Оьрсийчоьнан Iедал хийца. Цу юкъахь ю нийса йоцу экономикан а, финансийн а политика а, харцонца йина приватизаци а, социалан пособеш хедор а.

Коммунистийн партин юристийн декъан куьйгалхочо, депутато Соловьев Вадима кху деношкахь Интерфаксе хаам бира, министрийн кабинет хийцарх лаьцна хаттар Зюганов Геннадий хьахо дагахь ву кху беттан 9-чу дийнахь шен Путин Владимирца хир долчу цхьаьнакхетарехь аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG